"Нохчийн меттан дош тидаран дошам" - маьрша дошам (свободный словарь) ю. Нохчий мотт безаш а, цунах дог лозуш а волчунна ю х1ара дошам. Кхуьнан автор - муьлха а нохчийн к1ант а, йо1 а хила йишйолуш ду. Дош а, цуьнан маь1на а д1аяздан (т1етоха) бакъо вайха мульхачуьнна а ю. Ткъа шен г1алат нисдан аьтто кхузахь д1авазвеллачуьнна бен бац.
Х1ара дошам цханна денна яц, Делан пурбанца, заманна йохалла, вайн наха (аша, лераме вежарий, йижари) дешнаш т1е а дохуш, чулацам сов а болуш, наханна пайденна х1иларе са туьйсу...
|